Нохчийчоь

Иман Улубаева
Лулара йог1ура буьйса 1аьржа
Дог эцаза диссина дара хьан хьажар
1ехийна мосстаг1чо,йохийна д1а
Сийна ц1ерах догуш хьан сий лаьттара

Ма тилла,ма билла,бехкениг вац
Ткъа баьрхиш, диканах 1ехаделла, 1ена
Тахана чов янза аре хьан яц
Деана 1аьржа де,дели и гена

Тишйина ойла хьан,тахкийна д1а
К1ай лай т1ехь ц1ен зезагаш ,г1орийна, лепа
Хьан машарх кийча ю са д1адала
Нохчичоь-сан ага,са илли,декхар

Марзалло эцаза д1адели де
Ма йожа,Нохчичоь,хьан бераш доьху
Тахана ненан керахь къонахий ле
Ца йожа бахьана оьшуш дац леха

Ког баькхна,куьг даьхна,йина хьун чов
Хьан латта 1аржделла,к1ура бу хьийзаш
Хьан ц1овзам,хьан елхар даго ца лов
Делера йоьхур ю ламазехь нийсо

Къонаха пхийттара ваьлла,д1авели да
Болатан дог ц1ийзаш,хелхаран муьрехь
Воьду иза дена хьалхара декхар д1адала
Лепа цуьнан 1аьржа юьхь,ягаеш нуьрехь

Г1атталахь,Нохчичоь,сан б1аьргаш доьлху
Хьасталахь,Нохчичоь,хьан эгна бераш
Йиллина бомбанаш,сий ца деш,лелха
Къинт1ераялалахь,д1ахьарна х1ара шераш