Хусейну Бетельгириеву

Жайна Шайма
Орца доцуш, къуьрдаш къуьлуш кийрахь
Хьайн х1усамна г1ийлa тухуш букъ
Хьо ма д1а вай,   тхан мехкан илланча   
Даздеш тхуна тхан г1айг1анан дукъ

Нохчийчуьра, х1ай, шу  лекха  лаьмнаш!
Вайрий  шуна вуьгуш къоман к1ант?
И ма вара  д1а йоьхкург  шу  чевнаш,
Шен пондарца  олий  шуна  йиш.
 
Тулг1енашца  г1ерг1а сирла  Орга!
Мичахь  ву те, х1инца   нохчийн к1ант.
И ма вара хьан маршонан ойла,
Шен мукъамца махкахь кхайкхинарг!


(Орца доцуш, къуьрдаш къуьлуш кийрахь,
Хьайн х1усамна г1ийлa тухуш букъ,
Хьом д1а вай kxa тхан мехкан илланч, 
Даздеш тхуна тхан г1айг1анан дукъ.

Нохчийчуьра, х1ай, шу  лекха  лаьмнаш!
Вайрий  шуна вуьгуш къоман к1ант?
И ма вара  байберг дагт1ир бала,
Шен пондарца  олий  вайна  йиш.
 
Тулг1енашца  г1ерг1а сирла  Орга!
Мичахь  ву те, х1инца  нохчийн к1ант.
И ма вара вай маршонан ойла,
Шен мукъамца махкахь кхайкхинарг!

Орца доцуш, къуьрдаш къуьлуш кийрахь,
Хьайн х1усамна г1ийлa тухуш букъ,
Ма г1ар яй хьа cа бусалба ваша,
Хьарчош  г1айг1а 1адош кийрар дог.

Тхан г1аролин Нохчи махка лаьмнаш!
Вайри шуна вуъгуш къоман К1ант?
Тулг1и етташ кхехка Орга санна,
Тхан Хьусайни кхехкош кийрар ДОГ.)