Йицлур яц йиша

Мадина Мадо
И щийла аьхке йиц ца ло суна
Тхан дегнаш 1оьвжош яха хьо йиша
Хьан иман доьвзнера ина
Йиц ца ло г1илакха марзо

Б1аьр хиш хьа каш т1е легош
Дехаш ду да нана г1ийла
Чов йи ахь 1ехалур йоцуш
Йас елла х1усам вай щийла

1оьжалло якхи хьо тхоьха
Дегнаш чоьх ехар ю даимна
Дала хьо декъала йойла
Хьан дикалла ехар ю дуьненах

Дависа йищ елар х1инца
Доггаха хьа дог хьаста
Ма сиха хеди хьо риц1къа
Тхан лераме нанс йина йиша