Медни и Эла

Мадина Мадо
Догу дог кийрара ц1е летта
Х1усаме сингатам беъна
Ма ийн яр хьо хьоме Медни
Ма г1иллакхе вар хьо Эла

Безамна ялсмана риц1 хилла
Шу схьан кхят тхо дакхи дора
Ам 1оьжалло дегнаш ца къасти
Аллах1е собар ох доьха

Дашочу малхо ца йоьх йо
Дахаре йилина щийло
Оьх оьха Б1аьр хиш ца сацлуш
Да, нан лят чурт юхахь г1ийла

Шей дикалехь серло йитна
Дегнаш чоьх даиман дехар ду
Дала шу декъала дойла
Чов хилла синошкахь дуьсар ду