Чов йи ахь

Мадина Мадо
Дависа жима дог
Ма доьнале хилла хьо
Кху дуьнен бахамехь
1ехалуш делар хьо

Безамо чов йина
Серло д1а ейна
Дагера доцу дош
Т1е ляцна хилла

Ма ч1ог1а тешнера
Хьан мерза дешнех
1еха еш хиллера
Ц1е йуьлуш дагехь

Гуш долчу ойл ца еш
Хоьх кхета лууш
Сихалло сеца еш
Ойланаш д1а теттар

Соьгара маьрша ву
Дала дог хоьстийл хьа
Виц вина ехар ю
Ирсан некъ хилла