Дуьненан эшам...

Мадина Халикова
Хьоьх тешар,хьо эшар-дахар а дезар,
Со хьехор,ахьа 1ехор-дуьненан эшам.
Х1ун хир ду,хьо воцург,со тешо,1ехо?
Ахь дог сан лазийна,ницкъ боцуш,хьоьх херло.

Хьан х1ора дош а сан ойланехь шелло,
Х1ун дара ахьа баьхча:-Хьан дог дац 1овжо!?
Ткъа хьуна-м хаарий,хьо воцург,цкъа а,
Сан дагна лазам беш ца ваьхний цхьа а!?

Ца х1утту кхин дийца,хьан ойла йохо,
Хилладерг хилла ду,ницкъ бац и дерзо.
Амма хьоь дехар ду,ца лоруш бехке,
Ахьа ойла ма елахь,со йолуш ирсе...