***

Зура Аутиева
Ма лелар дац вай даима:"И кхелхина",-бохуш...
Хезар ду-кха мацца-цкъа, вайн некъ бирзи аьлла.
Вай мел леларх, 1ожаллах вада меттиг лоьхуш,
Шен т1аьххьарчу сахьтал т1ех цхьа а вац-кха ваьлла.

Бердах воьдуш, лаца га лоьхуш б1арз а велла,
Б1аьргаш тоха ца кхуьуш, дерриг дезнарг дуьтуш,
Ойла хьере иккхинчу, декъазчух тарвелла,
Лелар ву-кха х1ора вайх,  балех вала лууш..

Дика,вуон а дустуш шен, дагалоьцуш цхьацца,
Дерриг дахар доккхуш чекх б1аьргаш хьалха сохьтехь,
Дуьтуш дерриг кхелана вай кхоьллинчу Делан,
Берзор бу вайх х1ораммо бехха бина некъ шен.

Хир дац лачкъо х1умма а, хир яц хьулъян къайле,
Д1аяздина дерриге белшаш т1ерчу шимма...
Басталур бу бина шад летийначу къинех,
Декъал хир ву диканиг сов динарг цхьажимма..

Сино доьхуш хир дара, аьтто белахьара:
"Со лардехьа ц1арах, дег1!Хилахьа соьца бала!
Лардехьа со г1ибатех, сох дог лаза,-аьлла,-
Со лардарца,резавеш хьуо Кхоьллинарг ваха."