Брат Рамзан

Мадина Мадо
Даг чоьх бусалб къонах кхиош
Салам эца стогал ларош
Ирсан некъе серло безам
Соьгар йишал эца тахан

Г1иллакх кховдош хьа б1аьрг бузош
Вежри мостг1ал дагчур яшош
Хиларш диц деш, бертахь дехаш
Керла гергарло т1е лоцуш

Ас йишал тахан кховдо хьуна
Ц1ена ойланц, диллин дагац
Делер рицкъа суна вовзар
Декхар кхочуш дир ду ялалц

Даган 1ижам хилехь ч1ог1а
Везаш хилар хьо Аллах1ан
Сама йокхуш кхирар йовхо
Салам маршал брат Рамзан