Нана

Марха
Сан дега серло ю,
Кхоллам сан къагина,
Ойланий йист йоцу-
Ирсан х1орд бу.
Яхалахь даимна,
Со йина нана. 
Дуьненахь хьо маьл ю-
Сан дахар а ду.


 Припев:
Во ца гуш ехийла,
Дог хьоьсту нана,
Баркалла хуьлийла кхиорна тхо.
Уггаре а хьоме ю,
Суна хьо-нана,
Лаккхара масалла ахь суна ло.


Хьа санна дог хира дац,
Дуьненахь лехарх.
Цхьанна а езар яц,
Ше са д1адаллала.
Цхьаммо а хьоьхар дац,
Ахь санна даггара,
Ше дахар лур а дац,
Са ирсе дахарна.

Припев:
Во ца гуш ехийла,
Дог хьоьсту нана,
Баркалла хуьлийла кхиорна тхо.
Уггаре а хьоме ю,
Суна хьо-нана,
Лаккхара масалла ахь суна ло.



Лорар ю,нана,хьо
Хиларх сай йоккха еш,
Сий дир ду аса хьа,
Меллаша маркъовлуш.
Дуьне ас гойтар ду,
Ирсе хьо ян хьожуш.
Дог ойла хьостур ю,
Дегйовхо ца йохош.