***

Зура Аутиева
Дог 1ехо ирсана бахьна ца оьшу,
Б1аьргашца яздина мог1анаш доьшуш,
Х1ордане сихделла чехка хи санна,
Кхетар ю дагах д1а и къайле, хьаьдда...

Дог хьаста дешнашца бахьна ца оьшу,
Ларамза, ларамца ала дош лоьхуш...
Боданехь кхерста и ц1еран арц санна,
Дог къагалур ду-кха, дуьненах хаьдда.