Нана

Мадина Мадо
Безамех дуьзна ду Нана хьан б1аьргаш
Хьан йовхалло серла докх дуьненчоьх дахар
Доьхначу дийнахь а доьналле лаьтташ
Уггаре дез совг1ат хьо дукха яхар

Дог дузош ц1ена ю Нана хьан ойланаш
Хьан собарех дог лозуш ларам бо ас
Буьйсанна сама юьйлуш деш долу до1анаш
Къинтера яларна доьху хоьга ас

Дог хоьстуш доггаха хьо мара къуьйлуш
1индаг1а сурт хилла ехар ю хьуна
Мел зама яларах декхарах ца юьйлуш
Боккху ког пурбанца хир бу сан Нана

Баланех г1ийла ду тахан хьан хьажар
Дуьненах хьоьгуш со кхиийна ахь
Йоьлху со баьхке хьан инзаре собарна
Ялсманех таралой Нена марахь;
            Мадо...