Сан йиша Роза

Аза Атагинская
Хьайн ненан амалехь эсала ю хьо,
Куц- кеп а, хазалла ненера ду хьан,
Къамелехь- хьекъале, г1иллакхе, оьзда.
Адамаш лору ахь, ю цаьрца к1еда.

Во- дика т1елоций, г1о эшча г1отту хьо,
Оьшучохь къонахийн доьналла ду хьоьгахь.
Хьайн доьзал г1иллакхехь кхиош схьайог1у хьо,
Ийманехь, исламехь уьш нисбан г1ерта хьо.

Аллах1а кхоьллинчу зезагийн мог1нехь
Уггаре исбаьхьчу зезаган ц1е ю хьан.
Безачийн во ца гуш ехийла г1оза,
Юьрто хьо лорийла, сан йиша Роза!

                Азман Джабраилова