Къонаха Дада

Мадина Халикова
Дуьххьара ког боккхуш хьоьгахьа ихна,
Бераллин хаза хан,г1ан хилла, яйна.
Амма хьоьх тешамца лакхене эхна,
Дахаран халонаш ахь тхоьца лайна.

Адаман сий-ларам,къинхетам, безам...
Дахаран лакхенаш йовзуьйтуш тхуна,
Хьоьцана 1емина адамаш деза,
Даггара баркалла, тхан дада, хьуна.

Доьзалан дай хилла д1ах1уьттуш х1инца,
Адамийн хьоь болчу лерамах кхетта -
Хьан оьзда г1иллакхаш, хилларш вайн ц1ийца,
Дада, хьан дика ц1е, тхан лакхе хетта!

Адмашла ву ала куралла йоккхуш,
Массо а диканийн масалла хилла.
Дада, ахьа дахаре тхуна некъ боккхуш,
Кхетта тхо,тхан да,хьо Къонаха хиллий!

Хьан дика ц1е ларъян хир бу тхан кхетам,
Эзарнаш шерашкахь вахалахь,дада!
Тхо жима долуш, ахьа тхоьх бина къинхетам,
Везачу цу Дала бойла хьоьх, Дада!