Б1аьсте ю йог1уш

Аза Атагинская
Кавказан лаьмнашкахь сирла г1улч туьйссуш,
Зевнечу аьзнашца мерза кхаъ кхийдош,
Ломара чухчареш буту шах йостуш,
Аллах1ан лаамца б1аьсте ю йог1уш.

Б1аьстенан 1аьнаро аренаш сенйи.
Ломарчу шовданийн аз зевне дели.
Зовкх хьеган лаамца эшаршка даьлла
Бен ц1инбеш, ч1ег1ардиг дезаршка даьлла.
               
                Азман Джабраилова
                2011