Г1алат ду те

Айза Резванова 2
Ахь хастийча, со дозалла хеташ,
Ткъа хьестича, сайна хазлуш со.
Ирсан дог1а хьоьгахь хилар тешаш,
Г1алат ду те, даго къастор хьо?

Хьох б1аьрг кхетча, б1аьсте серла юьйлуш,
Деган мерзех хьекхалуш хьан аз  .
Хьан дозанал сов дерг, сайна къуьйлуш,
Хеба диси те, даьстина зазз?

Амма гуьйре, дог1анах т1е елхарх,
Буто ша беш 1аьно къовларх не1.
Сан ойланаш шовданашца хьаьрчаш,
Кхочур ю хьан дагчу огуш некъ .