Безамо

Айза Резванова 2
Безамо шераш ца лоьру,
Ца хоьржу заманан МУР.
Бахаме, хьоле ца хьоьжуш,
Цо дагчохь къагадо нур.

Жималлийн шерашка вуьгий,
Къаналлех кхардадо дог.
Къоналлийн доьналлех воккхий,
Акха д1а идабо ког.

Т1аккха цкъа мацца а тухий,
Динара воссаво цо…
Ша шега хаьттарш деш, духий,
Дерриг чохь къовлало дог.