Со г1алат ю

Айза Резванова 2
Адам дезар г1алат ларахь,
Со г1алат ю, и бакъ ду.
Адамех тешар делахь г1алат ,
Юха а со г1алат ю.
Адамийн дог хьаста лаар,
И г1алат а соьца ду.
Реза ю со г1алат хила,
Адамийн бала айбеш д1а,
Г1алат делахь адам хилар,
Шеца долуш адамалла.