***

Айза Резванова 2
Акхаройн а хуьлу, синкхетам

Даймахкана генахь йолу, Саратов олуш йолчу г1алахь, г1ишлош йоттаран белхаш т1е а лаьцна, шеца цхьана  гонахара,  гергара  итт - пхийтта балхана каде а, говза а волу жимстаг  а вуьгуш, шайна юург кечъян шен х1усамнана а юьгуш, белхаш бан ваханера, Хьалха – Мартант1ера, Сайда. Адамаш дехачу юьртана генахьо, эрначу арахь, 1едало шайна билгал даьккхинчу дозант1ехь, берийн садо1учу лагерна лерина йолу г1ишлош юттуш хиллера уьш. Ц1еххьана цхьана белхалочуьнгара мохь баьллера, цец а ваьлла, шерачу ара д1а ахьоьжуш:
- Д1ахьовсийша, и х1ун ю теша? – аьлла.   
Массо а цхьана аг1ора д1а хьевсинера. Шерачу арахь,  цхьа т1еда гинера б1аьрго а ца лаццал сиха, нисса шайна т1е бог1уш . Цхьаболу белхалой кхерабелла д1аса бевддера, вуьйш д1аса ца бовлуш, цец бевлла севццера. Х1орш цуьнан тидам бан ларабале схьа кхаьчна, Сайдин когашка боьжнера и. Иза сай хиллера, цхьана кхерамах бедда,  шена кхерамаза  меттиг лоьхуш беана. Сайда кхерацавеллера цунах, иза кхаьттера цо лелочух. Сай даккхий синош а дохуш, кхерабелла шен кийрара дедда са, юха кийра чуийзош 1уьллуш хиллера, кхин меттах бала г1ора доцуш.
Сайдас, меллаша улле охьа а лахвелла, цунна т1е куьг хьаькхнера:
- Нана ма яла хьан дела1. Са дадийна беъна – кха хьо. Х1ун дер ткъа, иштта бу – кха шун кхоллам а, шайн са къийса дезаш. Цхьана а са долчу х1уманна новкъарло еш а боццушехь, маьрша  дац – кха хьан са а, - аьлла.
Цу муьрехь, жижиг дала меттиг а боцуш, якх белла болчу Сайдин белхалошна а, цуьнан х1усамананна  а кхаъ хиллера цунах, шайна напха дан ойла хилла. Сайдин х1усамананас, сов ч1ог1а йокххаерца, ела а къежаш,  аьллера:
- Дала Ша схьало – кха, доьг1на рицкъа. Сихха и сай чу са а деана г1аттале, цуьнан когаш д1абехка беза вай. Цунна урс а хьаькхана, жижиг даьккхича, вай ц1а даххалц даа жижиг хир ду вайна, - аьллера цо. Реза хилла, цунна т1е тайнера цхьа болу белхалой. Амма Сайдас дохийнера дерриге а.
- Э – ээ, делла ма довла шу дела1, цу тайпана  шен са дадийна, вайгара накъосталлийга сатесна, сецначу, цуьнан са даккхал меца ду теша вай? – аьлла.
Х1усамнанас иза берта вало дагахь, юха а элира:
- Цуьнан жижиг вайна хьарам дина а  дац, х1ун ду вай иза урс а  хьакхана биъча?  Вайгахь уьстаг1 эца ахча а дац, белхалой меца ма бу …
- Шаьш мацалла леш хилча а, вайн дайша шайх тешам ца байана дела ду  вайнехан дош майра, цундела ду вайн дайх дан дозалла а.
Тахана вайх шен са тешийна болчу цу сайн жижиг а диина ваха ца вуьсуш, вала реза хир вара со, леш хилчий а. Юха а, цхьа х1ума ду . Мискъазаратталл рицкъа дуьненачохь а долуш, цхьа а стаг дуьненчуьра д1а кхелхар вац, цу эхарта. Ткъа вала хан кхаьчнарг, мацалла леш ма вац, шен 1ожаллина воьдуш ву. Шен са к1елхьара даккха беанчу цуьнан са а даьккхана,  даха дисча, вай  мел хан йоккхур ю кху дуьненачохь ?  -  элира, Сайдас.
Цуьнан дуьхьал валарна реза йоцучу, х1усамнанас юха а элира:
- Дуьненачохь мел болу, декъазчу нехан къамелаш а ца деш, тхойга жижиг даитахьа, ва стаг, хьайна ца дезахь айхьа ца дууш 1ер хьо, -  аьлла:
- И Сай богг1ушехь сан когашка бижана бу. Цуьнан синкхетам алсам хилла шунчулл а. Цуьнан са ас доккхийтур дац, со реза а хилла. Цуьнан са доккхуш волчо, хьалха сан са даккха дезар ду, - аьлла, т1е чевхира Сайда, шен х1усамнанна. Цул т1аьхьа иза берта вало шайн ницкъ кхочур боцийла а хиана белхалой а, х1усаманана а, севцира . Сай  1уьллура дукха ч1ог1а ницкъ хилла, узарш  а деш хьацарна бешана. Сайдас юха а нанас беранна санна, цунна дагна хьаам беш, т1е куьг хьаькхира . Т1аккха  наб озийра сайнна, са парг1ат  даьллачух тера дара цуьнан. Суйренца малх бузале набарна тевжина сай, са тосучу заманчохь хьала айбелира. Сайда а сама велира, цуьнан синтем ларбеш арахь буьйса йоккхуш 1ийна волу.  Сай Сайдига а хьаьжина, цунах шена  эхь хетча санна охьа т1аь1ира.  Т1аккха Сайдин б1аьргашчу а хьажна, кхерамах шек ца болуш, эсалчу боларца,  болабелла д1а бахара  иза. Цул т1аьхьа цхьа бутт баьлча, т1едог1учу шарна белхаш т1е а лаьцна, Сайда ц1а вирзира, Даймахка. 1а д1адаьлла, б1аьсте еъча, юха  вахара Сайда шен белхалой а буьгуш, ша т1елаьцна белхаш бан. Х1инца кхечу юьртахь вара иза, шен белхалошца, белхаш беш. Делахь а, кест – кеста дагалоцура цо и сай, цуьнан кхера балар а дагахь доллура цунна. Т1аккха воккха а вера, цу сайнна г1о дан шен аьтто баларх . Амма сай а ца хиллера шен са шина 1ожаллех хьалха даьккхинарг  вицвина 1аш. Цхьана суьйрана,  малх чу бузале, белхалой чу а бахийтина, балха т1ехь кхачам бацарш лоьхуш, хьоьжуш волчу Сайдина, мичхьара бела ца хууш схьа х1оьттира Сай, шена уллехь жима к1орне а йолуш. Сайда сов ч1ог1а цец а ваьлла,  хьоьжура цуьнга, меттах а ца хьовш, сай къахкарна кхоьруш. Амма сай лаьттара шена Сайдин дагахь дерг хууш санна. Т1аккха шен к1орне т1е муц1ар а 1уьттуш, улле титта буьйлира сай, шен г1ончана. Муьлххачу кхерамах ларлуш болу сай, Сайдех ша къаьхкаш а, я шен к1орне цунах ларъеш а бацара. Эццахь Сайдина б1аьргех хи даьллера, сов ч1ог1а синойх къа хаьтта а, шех и сай тешна хаза хаьтта а. Т1аккха цо аьллера:
- Оццул хьекъале, синкхетаме болу хьо, кхета декхар ду ас дуьйцучух. Д1абало, хьайн хьаннаш юккъехь бажа. Цу акхаройл къиза адамаш а ма ду кху дуьненачохь, хьох а, сох а шайна напаха а дина, баха лууш.  Ткъа соьга лалур дац,  со волчу хьошалг1а беъначу хьуна, цхьамма тешна бех бахь. Дала 1алаш бойла хьо,  -  олуш, т1е куьг а хьаькхана, д1а хьажийнера цо и сай, шен  к1орнеца цхьана.