Сингаттаман цамгар

Айза Резванова 2
Цомгаш хилла 1уьллу паччахь,
Ца г1атталуш меттара.
Везарш, вевзарш гонах бевлла,
Хиллачух ца кхетара.

Де д1адолуш, буьйса хорцуш,
Цамгар ели баттенга.
Лоьраш, дарбанчаш, молланаш,
Толлуш цамгар лелара.

Амма паччахь г1атта ца луш,
Корта пене берзийна.
Цхьа дош ала мотт ца керчаш,
1уьллу б1аьргаш къевлина.

Генара а, уллера а,
Т1е х1уьттура хьолан дай.
Кхин д1адийца лазар доцуш,
1уьллу паччахь «ъах1» деш дай.

Цхьана юьртахь, ши бутт хьалха.
Ша т1ех волуш берашна,
Цу паччахьо кховдийнера,
К1еззига  х1онц томана.

Паччахьера шена кхаьчнарг,
Совг1ат деза лерина.
Цу берех цхьа жимчу к1анта,
Лардинера  безамна.

Т1аккха ловзуш бераш юккъехь,
Цунна лерах кхийтира.
Паччахь воьжна дарба доцуш,
Ца евзачу цамгарца.

Са гатделла хьевзина к1ант,
Г1аш вахна д1а кхечира.
Паччахь вехачу цу юьртахь,
И ладоьг1уш сецира.

Цу бахамах тамаш ца беш,
Ойла еш ша хьаьжна д1а.
Меллаша цо улле таь1аш,
Хешка паччахь хаьттира.

И т1е хьаьжна жима хетта,
Саха дала буьйлира.
К1анта корта ластош церан,
Сом а схьа ца ийцира.

Т1аккха хехочо цец ваьлла,
К1анте оьшург хаьттира.
К1анта дагахь дерг шен аьлча,
И ца вешаш хьаьжира.

-Д1а вала к1ант, д1а г1о,- олуш,
Хехо вела къежира,-
Б1аьрг схьа баьллал могуш воцу,
Хьо ганне гур вац, цунна.

К1ант д1а - м тешна ца вахара,
Сингаттаме хьаьвзира.
Т1аккха денна кет1е ларъеш,
Схьах1итта и вуьйлира.

Эх1-х1ар а, цкъа, цхьаъ чу воьдуш,
Кхечо юха хаьттира.
Хьена хьо, мичхьара, х1унда,
Лаьтта кхуза х1оьттина?

Х1унда хьийза хьо кху кет1а,
Хьо х1ун оьшуш веана?
Сингаттамна б1аьргаш эгаш,
Х1ун бала хьоь боьссина?

К1анта цунна жоп делира,
-Дехьа юьртахо ву ша.
Ша жимха ву, цо лерина,
И ган лууш веана.

Т1аккха хьодалча хьажийра,
Паччахье и хабар дан.
Схьа ца хьожуш 1уьллуш волчу,
К1антах дериг дийца д1а.

Цу берах сакъераделла,
Корта сехьа берзийна.
Уьш цец бохуш, бакъо елла,
Чу цо иза вийхира.

К1ант не1арах чоьхьа вели,
Г1ийла хьожуш паччахье.
Киснара куьг хьала доккхуш,
Совг1ат к1анта кховдади.

Цу жимачу беро дина,
Совг1ат доккха хетарна.
Вела къежна, и вист хила,
Цу к1антана томана.

Т1аккха к1анта самукъдаьлла,
Эли цуьнга: - Г1аттахьа,
Тхан ловзарш а севцца лаьтта,
Тхо сагатдеш ду хьуна.

Шен визире, цу паччахьо,
Т1е кхайкхина элира:
- Воккха хьаша ву т1е веънарг,
Х1оттае стол лерина.

К1анта цуьнга т1аккха эли:
- Цхьа цуьриг а кхоллур дац.
Ахь ца кхоллуш делахь ялта,
Чам а цуьнан хетар бац.

Цу берана там бан лууш,
Паччахь хьала айвелла,
Стоьла йисте г1ента хууш,
Массо вара кхаъ хилла.

К1анта цуьнга д1а а хьожуш,
Цуьнан буйна 1айг бели.
Бисмалла а олуш т1аккха,
Юург йолор т1е дилли.

Самукъдаьлла паччахь хии,
Цу берана там берг дан.
Цо схьаэцна ялта долий
1овша, молуш чорпа т1е.

Цу г1аттарах кхин ца вужуш,
Т1аккха эли  паччахьа:
- Хезаш берийн г1овг1а йоцург,
Цамгар ю, сингаттаман.