Декъалйо

Аза Атагинская
Декъал йо, доттаг1а, хьо йинчу денца!
Даггара лаьар-кха хьо ирсе гойла.
Деле ас доьхуш ду хилийтар хьоьца
Хьуна мел дезнадерг, дагна синтем а.

Мел еха могшалла ма эшайойла,
Машаре стигал а малх къиегаш хуьлда!
Хьан дагна мел везнарг 1алаш а войла
Хьо лела некъаш а беркате хуьлда!

                Азман Джабраилова