Нохчичун дог

Зура Аутиева
Харцонан тулг1енаш эшош,
Къизаллин къаьхьа мур ловш,
Ма боккха ницкъ хилла-кх хьоьгахь,
Х1ай сийлахь нохчичун дог!

Кест-кеста баланаш хьоьгуш,
Лан дезаш мостаг1чун д1овш,
Декъаза хьал хилла-кх хьоьгахь,
Болатан нохчичун дог!

1аьршашкахь маьлхан нур лоьхуш,
Х1аваэхь к1уьран чам ловш,
Ма собар сов хилла-кх хьоьгахь,
Доьналле нохчичун дог!

Маьршачу стигланах хьоьгуш,
Шерашна самукъа довш,
Ма г1ийла де лаьтти хьоьгахь,
Яхь йолчу нохчичун дог!

Даймехкан ирсе сатуьйсуш,
Хьайн маттахь ца хезаш дош,
Ма 1ийжам латтийна хьоьгахь,
Къар ца лун нохчичун дог!

Оьздачу г1иллкхах ца духуш,
Шех тешна хиларна хьо,
Сийлахьчу Дала Ша хьостуш,
Делий хьо, нохчичун дог!

Де эшна,хьо дисча кхоьруш,
Т1едарах рог1ера вуо,
Хьан собар къобал а дина,
Хьаьсти хьо, нохчичун дог!