Деле Нана ехалаш

Аза Атагинская
/йишин йоь1ан Ясминин дехарца/

Йа Рабби Аллах1, Аллах1!
Хьан дикаллин доза дац.
Ахьа тхуна йазйина
Сийлахь Нана кхоьллина.

Ненал мерза х1ума дац.
Нана цхьаъ бен хуьлуш яц.
Дуьне маьрша даалахь,
Деган Зезаг, яхалахь!

Нана ларъяр сийлахь ду,
Цунна ирс вай доьхур ду.
Нана елхор къилахь ду-
Эхарт хьарам хир ма ду!

Нана цхьаъ бен хуьлуш яц.
Цулла мерза х1ума дац.
Дийнахь-буса ларам беш,
Деле Нана ехалаш!

Йа Аллах1, Аллах1 Дела!
Даймохк кхин а хазбелахь,
Нохчийн дикчу паччахьна
Тхан мохк ларбан ницкъ лолахь!

Припев:

Вайн паччахьан Нана ю,
Халкъах шен дог лозуш ю.
Адамийн дегнаш хьостуш ю
Мехкан Нана Аману!

Азман Джабраилова.
            2017г.