Саади - Поэтические переводы

Аза Атагинская
Милт кхачийна ч1урам баьгна болий хууш,
хьекъалча тийна 1а.
***

Жовх1ар хоттала доьжча а мехала ду.
Чан стигала айича а чан ю.
***

1азапехь ца ваьллинчунна
г1ийлачух къахетар дац.
***

Доттаг1ашца ма бийца хьайн кхачамбацарш,
мостаг1чо хьуо муха вуьйцу хьажа.
***

Тешам боцчух "доттаг1а" ма ала,
ямартхо герга а ма вита.
***

Хабарна т1ера воцург ларлур ву юьхь1аьржонах.
Цхьа цуьрг марзалла тоьла нехийн оьланал.
***

Стаг вист ца хуьлуш мел 1а евзар яц цуьнан говзалла,
хьулделла ду цуьнан сакхт а.
***

Къайлахдерг доттаг1чунна а ма дийца,
цуьнан а доттаг1 хила тарло.
***

Шина стага йина харж а, хьоьгу къа а эрна ду:
ша 1а1очу бахамах пайда ца оьцуш верг,
1илма а 1амош шен хаарех пайда ца беш верг а.
***

Энжеде* стагана вист ца хуьлуш тийна 1ар г1оли ду;
шена уггар а г1олиниг хаахьара, и энжеде а хир вацара.
***

Барамехь йиичо хьо лелаво,
совнаха йиънарг хьан когаша лелайо.
***

Суйно йоккха ц1е йоккху;
г1ийла велахь а мостаг1чо зе до.
***

Сонехь вист ца хуьлуш, шен мотт ларбеш тийна 1ийриг
г1оли ву, шен меттан дола дан ца хууш волчулла а.
***

Хьекъал долчо доцца дуьйцу, и ца тоьачо
мохь бетташ до ладам* боцу къамел.
***

            Гочдинарг Азман Джабраилова

----------------
энжеде - невежда
ладам боцу - незначительный, неважный