Поэзи-сан деган хьоста

Аза Атагинская
Поэзи - сан деган хьоста,
Тем боцчу ойланийн зовкх.
Цо меттан куц говза досту,
Ца 1ебаш аьхналлехь шовкъ.

Наб йойъуш язбелла мог1а-
Хьаьгначу дагна деш дарба.
Дагчуьра сан байтийн бешо
Доккхийла цхьа маьрша заза.

        Азман Джабраилова