Латта

Милана Торсен
Кхеташ яц со-м хьоьх, х1ай 1аьржа латта,
Стаг воцу стаг ахьа муха лов хьайца,
Х1у кхоллам кечбина ахь цунна гайта
Дуьйненахь 1ийша я эхартахь къийла.

Стогалла д1адаьлчохь когаш к1ел ма сеца,
Ямартло мел яьлларг хьай кийра эца,
Дог буьйха мел дериг керча ве латта,
Яхь йоцург лар йойъуш вигахьа хьайца.

Нохчаллин орам ахь ч1аг1белахь латта,
Яхь йолчохь бен къонахий ца туьйсуш суй,
Иманан некъаш ахь шорделахь латта,
Кхиабеш хьайна т1ехь яхь йолу к1ентий.

Мехкарий дебийта доьналла долчух,
Юхь йолуш Даймехка ц1е яккха цуьна,
Стогалла йолчехь бен къонах ма кхиийта,
Турпалхо оьшуш ву мехкан сий айда. (М.Б.Торсен)