Даймехкан декхарна

Милана Торсен
Даймехкан сайн декхарна
Г1оттур ю со иэшахь накъост,
Кевне кхачахь т1еман тур.
Лазам дера сайга барах
И лан ницкъ а кхочур бу соь.
Тоьпан, туьран дера чевнаш
Сайн Даймехкан сийна дуьхьа
Со т1еэца кийча ю.

Мостаг1чо сой лаьцна йигахь,
Йийсаре а яккхахь сой,
Сайн Даймехкан сий ца дохо
1ожаллина кийча ю.
Тоьпан, туьран 1ийжам эцна
Эхарта со йоьрзур ю.
Нах а шайна хетарг дуьйцуш,
Со сийсаз ян г1ертар бу.(М.Б.Торсен)