Доьхна дог

Милана Торсен
1уьйренаш хира ю са чолхе ,
Суьйрена з1аьнарша дашор дац дог,
Мел йог1а буьйса а хира ю б1арзе
Безаман къаьхьа кад кхийдабеш соьга.

Сатуьйсуш ехар ю кхолламе сай,
Стиглане балхабеш базбелла кийра,
Безамна доьлху дог б1аьрхишца хьоьстуш,
Эккхор ду юьхьт1ера кхоларан тача.

Дависа, йиш елар кийрар дог даккха,
Буй хьаькхна схьаэца цу чуьра бала,
Экаме техкадеш нанас бер санна,
Цхьа зама яккхийта дуьненах 1аба.М.Б Торсен

Х1умма дац йисарх со б1аьрхишца яха
Лар йайна безаман йог1ур зама,
Б1аьрхиш а сацар ду дег1а са даьлча,
Лахьтано долийча къийла шен дог. (М.Б. Торсен)