Ден кертахь

Аза Атагинская
Х1аваэхь яржаеш шен мерза хьожа,
Соь дагалоьцуьйтуш бераллин хан,
Баьццарчу г1аш юккъехь к1айн чопа санна
Шур- шур деш лесташ бу акказин кан.

Ден кертахь зовкх хьегна хан карлаюьйлу,
Дуьненан ойланаш, сох къаьсташ, йов.
Сан иэсехь юх- юха ден хьехам г1уьйтту.
Кхин хезарг ца хилар даго ца лов.

Кху кертахь тхоьх йоьлла эхь-бехкан амалш,
Бевзина оьздаллин, г1иллакхийн бух.
Чот йоцу м1аьргонаш - дахаро зиераш,
Аллах1ан бехкамаш орамехь ду.

Вайн хьомсар ков-керташ лардойла Дала.
Ден кертахь, ден кхерчахь долу са парг1ат.
Хиламийн хьал ло вай Аллах1ан кара.
Аллах1ан лаамца ду дерриг дахар,

Азман Джабраилова.