Элиза

Мадина Мадо
Хьай жималлех 1еха ял, хан а ца йуьтуш
Дуьнен чохь, ирс лаха меттиг ца буьтуш
1ожалло куьг лаьцна, Деле некъ билла
1ийжаме чов йина, тхун даг чу йилла

Ялор яц юха, охь оьху  б1аьр хиша
Ца йити ахь ойланаш талла тхуна
Хьо цхьаъ бен яцара, сан нанас йина йиша
Шел ца бо хено, сингаттам суна

 Массо а везаш дар, хьан хаза г1иллакх
Таралой исбаьхьа зезагех дог
Кегирхош лоруш а, коьртара йовлакх
Б1аьг бузош лела хуъш боккхура ког

Ма сиха чакх  дели хьан рицкъа йоза,
Самукънах хаьдда да,нана деха
Ма кхетийла цхьане а, кореха хьоза
Хьо декъала йойла жима Элиза!