Цицо

Мадина Мадо
Ахь г1ийла елха х1усам йити
Ц1а ва са тийса меттиг ца бити
Г1о деъна доьхна х1ийза тхо
Хоьх веза хьаша хийл Цицо

Тоьшал до хьо къонах хилар
Вешал лело,иман доьнал
Замано ца 1ехош дог
Маьршо йуьтуш бокхуш ког

Кхиин к1ант ма лойла нена
т1е хоьтта барз ма гойла дена
бац меттиг вилла хьо Цицо
Къинхетам бойла Далла хоьх

Хоьх хоьгуш собре хила деза
Г1енашца саг1е кхачош хьо
Хийл яздинчун вай хир ду реза
Сагат деш доьлг1у кийрара дог