Безаман дитташ

Хасан Маерсултанов
Дуьненан серлонех бода а хоьттича
Ас лоху аренахь безаман дитташ.
Даго сой д1атесна цхьалха а висча
Ас лоху аренахь безаман дитт.

Арахь а мох болий, я малх а кхетча
Геннара йухь сибат суна хьан го.
Баккъалла б1аьргашна и бакъ ду моттий,
Цара со гуттар а, тила а во.

Дависа, лааркха хан юха ерзо
Лааркха цкъа мукъна йуьхь сибат ган.
Вайшима доьгначу безаман дитташ,
Цер 1индаг1, дахар сай хила лаьа.