Да Отец стих на чеченском языке

Фариза Цалдаева
И стиглара 1аьршаш сайна схьаяларх
Я лаьттан мехала т1улгаш схьадаларх
Дерриге дуьне сайна схьадаларх
Хуьйцур ма вацар, сайн да ас цхьннах.

И кура лаьмнаш, я хаза хьаннаш
Я шийла хьосташ, я к1орга х1ордаш
Дерриге 1алам сайна схьадаларх
Хуьйцур ма вацар, сайн да ас цхьаннах.

Нана ма-еззара, сайн да а веза
Нана еза ю аьлла, деца херо яц
Уггаре коьртаниг лара а веза
Нана санна, дуьненахь и цхьаъ бен вац.

Хийла хьан б1аьргаш чохь, ойланаш йоьшу
Нахана г1ур йолу и ойланаш яц
Берриге сингаттам, хьайна чохь къуьлу
Х1ун г1айг1а, бала бу, хаа йиш яц.

Сан коьрта г1оьнча хилла, хьоме да ву
Нана санна къахеташ, со езаш ву
Сан да, хьо даима велакъежна гойла
Дуьненахь, эхартахь декъала войла!