Оьрсийн мотт

Зура Аутиева
Цу ломан дагара дуьйцур ша,аьлла,
Д1ахьаьдда доьдучу шовданах терра,
Адамаш вовшех ша кхетор ду аьлла,
Мотт г1аьтти, г1ирс хилла,воккхачун,беран.

Лермонтовн мог1анаш нохчашка кхачош,
Нохчичун онда дош генна д1а хьуш:
Сибаре,Москоха,Питере,Соче...
-Оьрсийн мотт юкъара хилар ду гуш.

Бехийла,бекийла, къаьмнийн барт ч1аг1беш,
Беркате хуьлийла х1ора а дош!
Ницкъ болу,сийдолу оьрсийн мотт, хазбеш,
Буьйцийла, дуьненна шен йиш хазош!