Ши Лам

Петимат Абубакарова
Эли:"Ахь ма язъе оьрсийн маттахь,
Ненан маттахь яздар -пох1ма хьан!",
Амма синна хиллачохь т1е1аткхам,
Ца х1оьттина цуьнна ойла ян.


Меттанаш,уьш-м,кхоьллиний вайн Дала,
Вайн ойланийн духар царех деш,
Муьлхха а мотт хьакъ долуш бу лара,
Цуо кхиайо къоман синан беш.


Нохчийн,оьрсийн меттанийн и жовх1арш,
Лору  даим  сайн Синан ши т1ам,
Шу  хаьар  сан  некъан ирс ду  ховха,
Сан дахарехь-беркате ши Лам.
 

 (Оригинал стихотворения "Два языка")