Бана Гайтукаева дагалоцучу Суьйренехь

Петимат Абубакарова
Дуьне-м и д1адер ду,шех хилла пана
Хьан Сино гулбинарг буьсур бу бахам...
Хьо тхоьца цахиларх,оьзда йо1 Бана,
Хьан иллеш-м дисина, къоман са аха.
Сан йиша,кхаъ бу сан хьоь баккха тахна:
Нохчийчоь Харцоне  эша ца елла,
"Къийгаша гуо бина д1алаьцна стигла"
Маьрша ю,юха а ю нуьре-сирла...
Питане мехашка вай къар ца дели,
Даймехкан Сий лардан Къонахий бели,
Бакъонан х1орда т1е  цара т1ай тилли!
Цуьнан теш хили хьан "г1арг1улийн илли"!


                18.02.2018 шо