Къинт1ера вала

Аза Атагинская
Со бахьнехь дахарехь халонаш лайнехь,
М1аьргонаш со бахьнехь эрна д1аихнехь,
Хьан бахам ца кхоош, со ямарт хиллехь,
Юьхь хир яц къинт1ера вала хьоь ала.

Ларамза аьлла дош хьуна ца тайнехь,
Дог 1овжош вас йина, хьан дог лазийнехь,
Синк1орге кхевдина къайлахдерг дешнехь,
Юьхь хир яц къинт1ера вала хьоь ала.

Хьан нах ца лерина г1иллакхах йоьхнехь,
Хьан уьйраш хедийна хьо цхьалха витнехь,
Хьаша-да къахкийна х1усам шелйинехь,
Юьхь хир яц къинт1ера вала хьоь ала.

Нагахь хьан баланаш аса байбинехь,
Г1айг1анаш яйъина хьан дог ас эцнехь,
Де эшна хьо висча сох г1ортор хиллехь,
Яьхьар ю со ала- къинт1ера вала!

Азман Джабраилова.