Сийлахь Хьаьжц1а

Аза Атагинская
Бисмиллях1иррахьманиррахьим

Хастам бу 1аламийн да волчу Далла.
Къинхетам Цо баре  вай туьйсу  са.
Делера къинхетам Элчанна хуьлда,
Умматна цуьнан а, асхьабашна.

1аламна беркате, дуьненна деза
Боккъалаъ сийлахь ц1а Хьаьжц1а ма ду.
Дуьнен т1ехь хир доцуш х1ума шел хаза
Исламан баххех  цхьаъ - беза бух бу

Ойланаш йохйо цо бусулба нехан,
Бехаш бу уьш шовкъехь, хьаьгна  и ган,
Сийлахьчу меттигна доггах гуо баха,
Цигахь шайн ламазаш, до1анаш дан.

Дуьненан муьлххачу маь11е вай кхачарх,
Хьаьжц1ийне даим вайн са кхийдаш ду.
Дийнахь а, буса а вайн яххьаш, дегнаш
Т1едерзош,  бусулбийн  къилба и ду!

Азман Джабраилова.