К1ант везавеннав

Милана Торсен
Хьо санна  везнарг кара вац дагна
Хьан дашо лазийнехь кийра а мегна
Лаьа хьа безамо дахар хаздойла
Вайн дегнаш цхьаъ хилла ирсе ахьа йойла.

Припев
К1ант, хьо-м суна везавелла
Сай дог аса хьуна делла
Доьху хила цуьнца бертахь
Хьийзаехьа со хьай кертахь.

Хьоьца бен сай безам ирсе ца хета
Хьо воцу сайн дахар кхоьлина хета
Хьо везаш лозу дог ца готе хьуна
Хьайн дега и йовхо лохьа ахьа суна

Припев
К1ант, хьо-м суна везавелла
Сай дог аса хьуна делла
Ирсе дахар сай хьоьца хета
Йилла везар со дега метта

Сан деги дог1а хьо бен дац боху
Кхолламан йоза хьоьца ду боху
Хьо веза аьрха дог карзахе даьлла
Хьо бен шен кхи безам хира ма бац аьлла.

 (М.Б.Торсен)