Доттаг1а Друг

Хасан Маерсултанов
Уггаре хьоме дош лоруш,
Ма ч1ог1а маь1на ду хьан.
Ваша санна, даго т1е лоцуш
Хьо хилар, ма ирс ду сан.

Сингаттамо сан дог 1овжийча,
Мерза дош соьга ала.
Я дика суна т1едеъча
Хьо хилар ма ирс ду сан.

Де дайна, хьолехь а висча
Г1о дан сун куьг кховдор волуш.
Далла бу хастам хьо хилча,
Доттаг1а, вехийла дуккха иза.

Сихаллехь суна г1о эшча,
Доттаг1а ву уллехь сан.
Эшахь шайн,лун долуш са а,
Доттаг1а, дика ву сан.