Хетара...

Аза Атагинская
Хетара дашочу малхал хьо сирла,
Хьан хазчу хабаро 1ехийра хийла.
Ткъа х1инца-м хьан амат дог1анах ийна.
Кхана-м хьо хетар ву таханчул хийра.

Ма атта элира дог шелден дешнаш.
Сан деган лехамаш хадийра къиза.
Олхазарш цецдуьйлу совцийна иллеш,
Сайн боцчу бехкана со елха йисна...

Азман Джабраилова