Юха а...

Аза Атагинская
Юха а дуьхьала хьан амат х1утту.
Хьан оьзда г1иллакхаш сан иэсо луьтту...
Со х1унда хьоьжу-те юхаъ хьан суьрте,
Ас х1унда туьссу са хиндоцчу дикне?

Дагахь а доцуш хьан ц1е йоккхуш хезча,
Пхенаш чохь ц1ий х1унда уьду те сиха.
Суна хьайн дагчохь ахь меттиг ца битча,
Х1унда ца туьгу сан даго хьо вицван...

Азман Джабраилова