Декъалво

Аза Атагинская
70 шо кхачарца декъалвеш
Джамбеков Ша1ранина лерина.

Кхин цхьа шо воккха хили хьо тахана.
Къаналла яц еънарг, терахь ду рог1ера.
Дахаро басаршца к1айбарх хьан корта
Х1инца а «х1айт» аьлла къонаха вай хьо-м.

Замано х1итточу ловзарех ца ловзуш,
Сонталла, куралла хьайн дагах херйи.
Хьайна дош хеттадерг 1илманах дузуш,
Йешархойн синкхетам ахь самабехи.

Дуккха а лакхенаш йисна хьо кхачанза.
М1аьргоний чот ца еш, кхин д1а-ъ къахьега.
Т1екхуьъчу т1аьхьенна 1илманан лорах
Адмаллин, доьналлин масал хьох хуьлда!

Вайн махкахь яздечу зударийн ц1арах
Хьан йиша Азман ю хьо декъалвеш ерг

Азман Джабраилова