Соьлжа-г1ала

Петимат Абубакарова
Сан г1ала
Т1улга т1е т1улг буьллуш,
Пен пенах хуттуш,
Г1ала-м и,шеко яц,ю юха юттур,
Ткъа пенаш т1ехерцаш,
Т1улгаша хьаьшнарш
Кхин юха хир ма бац,
Уьш ма бац г1овттур.

                1999 шо



 Соьлжа-г1ала

Соьлжа-г1ала,яц хьо хьалхалера,
Кхолламо хьан хийцина сибат,
Лан дийзи хьан т1емаш чолхе,дера,
Толлалц кху чохь
Бакъонан нигат!
Лелларш-хилларш дицлур ду ,ма ала,
Дегнаш дахчадира цара вайн.
Хьан ирсанна эгна,
Соьлжа-г1ала,
Хьан кхиаме сатийсина дай.
   
                2014 шо
   
Стихотворения вошли в книгу "Грозный в стихах"(2019).