Дахарехь хьо верриг хилий чекхвала

Петимат Абубакарова
Дахарехь хьо верриг хилий чекхвала-
Мел луьрчу харцонех ларвийр ву Дала.
Ши юьхь ерг,мел ч1ог1а лелорх а х1илла,
Эхартахь г1оттур ву  юьхь1аьржа  хилла.

Диканех шен тептар дузуш стаг велахь,
Хир ма вац  парзашна,суннатна  мела.
Хир ву и къахеташ буоберех,къанойх,
Диканиг даржорца,сийдеш  Дайн-нанойн.

Дуьненан зовкханийн куралла мелла,
Эла шех тарвелларг,1еха ма велла.
Харцоно шен некъ бо ца лахдеш болар,
Цхьа ша а цунна хьо улло ма г1олахь!!!