Уггаре йезачех лерина Нана

Аза Атагинская
Уггаре езачех лерина Дала,
Синна са делла, со хьисти хьайн марахь,
Дуьненан коьрта ирс- дахар ахь делла
Нана, дог хьайчуьнца деттало кийрахь!

Хийла наб йохийна хир ю хьан, Нана.
Сан г1енаш лардеш ахь г1елонаш лайна.
Харц хилахь ма луъу суна дов делахь,
Мел дукха елхарх со кхоа ма елахь.

Кхиий ахь "декъала хила хьо" бохуш,
Вайн маттахь мел долу довха дош олуш.
Тешахьа, хьо йоцу дуьне ца оьшу.
Хьох ялахь латта ас ду эрна хьоьшур.

Хир яц со, дог 1овжош, халхетар данза,
Ахьа-м ца хоуьйту ца хилар реза.
Ду х1ора олу дош хьекъале, мерза.
Амал дац м1аьргонна хьо йоцчух яза.

Екхна хьан юхь суна зиэрат ду деза.
Дунент1ехь хьо мел ю дахар ду мерза.
Уьйраш ю хьан синан йовхонах йоьзна,
Сан деган зезаг хьо, уггаре хаза!

Цкъа мацца хедаш ду дуьненан туьйра.
Замано катоьхча г1еллуш ду г1ора.
Йо Дела, ирсе еш деллачу зовкхах
Хеназа ца хадош, Нана ларъехьа!

Азман Джабраилова