Доттаг1а декъалйеш

Аза Атагинская
Йинчу денца декъалйо хьо тахана,
Деза лоруш де, хьо сайна езарна.
Хьо декъалйеш х1отто дезар совг1аташ,
Хьуна дог1у уггар хаза зезагаш.

Г1ортор хилла суна даим лаьттина.
Г1айг1а яйъеш эшначохь хьо карийна.
Доггах декъалйо хьо дукха езарца,
Дала яхайойла хьо Шен диканца!

Азман Джабраилова