Лаьттан аматаш

Аза Атагинская
Хааълуш, лаьттан заманан йохаллехь
Аллах1а шен лаъмехь хуьйцуш ду аматаш.
Меттаххье лаьттан маь1данаш к1оргенехь,
Кхоьллинчо х1оттош ду ч1ог1аллин дозанаш.

Мичара схьадевлла-те лекха лаьмнаш?
Аллах1ан ницкъо уьш кхузахь д1ох1иттийна.
Т1екхачалур воцу къайле ю шортта,
1аламца Дала шен ни1мат схьакховдийна.

Вай хьеший ду доха кхоьллинчу дунент1ехь.
И кхетам ца тоьарш баьржина дукха.
Дуьненан, дахаран дай хир бац адамех,
Вай дехаш, делча а Делан лайш ду-кха.

Азман Джабраилова