Кхоллараллин дахаран 1уьйре

Роза Дахаева
             С наилучшими пожеланиями творческой молодежи с назиданием о   
            том,что только за творческим рассветом наступает яркое солнце
            творческой зрелости и лишь затем приходит зрелая мудрость
            духовных творений.Это неотъемлемые части восхождения человека к
            своему личному "Я". Пусть ваше творческое утро освещает   
            благодатный Свет.                Роза Дахаева.


Кхоллараллин  дахаран 1уьйре
Гойла, шуна, кегийрхой, нуьре.

Тидамца гуш долу васташ
Хуьлийла дика-вон къастош.

Нохчийн сий-оьздангалла юьйцуш
Харцонах  бакъдерг ца хуьйцуш,

Караделаш дешнаш дог хьостуш,
Заманан шеддаш д1адостуш.

Ца боху малх санна лепа,
Ца боху хьозарчех бека,

Амма, хьан дош дагах кхетахь,
Ларъе сих юьзна йолу пхьег1а!

Хаалахь, вуй нийсачу новкъахь,
1илманах  дебийла  шовкъ а.

Лойла жоп Дала вайн до1ана
Лардайта  дахаран  маь1на!!!

Д1ахьовсал, исбаьхьа ане,
Кегийрхой, шуьга ю кхане!!!

Кхоллараллин  дахаран 1уьйре-в переводе:
Утро творческой жизни.

Роза Дахаева  10.06.2019