С. Докаев

Аза Атагинская
Къийго, д1о некъайист къарйина,
Къекъабо маьттаза мохь.
Ца ловчу куьйланца дарбина,
Пхьола до сан коьрта чохь.
Аьрзунах таръяла г1аьттина,
Баржийча 1аьржа ши т1ам,
Хиллера къийгана моьттина
Бохь лаьцча кхачор бу лам.
Сахаддалц цо т1емаш диттира,
Лакхене ца кхачалуш.
Кийрарчу маьхьарца г1иттира,
Къиг хилар шена ца гуш.
Цаоьшург ойлане х1оьттина,
Эрна ду къахьегар т1ех.
Аьрзунах таръяла г1аьттинарг
Тера-м ю ма-ярра шех.
Х1ун до вай, дахдина дийцина;
Къийган ю багара 1аь.
Шен йоцу локхалла къийсинарг
Эккхае гучуьра д1а...