Дика адам

Аза Атагинская
Дика адам седанах ду тера,
Кхоа ца йо шен деган дикалла.
Йоькъу цо синйовхо малхо санна,
Кийча хуьлу дерг-доцург д1адала.

Дарба синна хуьлу х1ора дашца,
Г1о до йоьхна-едда ойла хотта.
Г1иллакх, собар ийна цуьнан ц1ийца.
Ирс ду и цхьаъ велахь юххе х1отта.

Ирс ду и цхьаъ велахь юххе х1отта.
Иштта дика накъост хуьлда хьох а!


Азман Джабраилова